Оьрсийчоьнан премьер-министр Медведев Дмитрий дагахь ву Къилбаседа Кавказ кхиоран программа кхочуш яран комиссин болх шен куьйгакъелла эца. Цуьнах лаьцна цо дIахьедар дина Соьлж-гIалахь хиллачу цу комиссин хьалхарчу кхеташонехь.
Медведевс омра делла ницкъаллийн структурашна цигахь туристийн центрийн кхерамазалла ларян леррина система кхолла аьлла.
Цул совнаха премьер-министрна хетарехь, гергарчу хенахь бан болх боцучу нехан терахь охьадаккха деза цу регионехь 6 процентана тIекхаччалц.