ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керла премьер-министр хаьржина Грецихь


Грецера «Керла демократи» олучу консерваторийн партин лидер Самарас Антонис керла премьер-министр хаьржина цу пачхьалкхехь. Иза цу дарже хIоттош леррина церемони хилла Афинашкахь. Мехкан Iедалан да хIотто аьтто баьлла парламентехь йолчу кхаа партин барт хиллачул тIаьхьа.

Грецихь урхал до коалици кхоьллина «Керла демократино» а, социалисташа а, Демократин аьрроагIон партино а. И кхо парти реза ю Греци кхин дIа а еврозонехь йисийта а, дуьненаюкъарчу кредиторашца юкъаметтигаш лелон а.

Амма царна хетарехь, кредиташ эцаран билламаш жимма хийца беза.
XS
SM
MD
LG