ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн пилоташ лоьхуш ду Шеман а, Туркойчоьнан а хIордан кеманаш


Шеман тIеман ницкъаша шайн хIаваан тIеман кема чудаийтарна шаьш саготта хилар хаийтина Туркойн президенто Гюль IабдуллахIа.

Дозанехула дIадоьдуш хилла кема цхьаьна ханна Шеман территори тIедаьлла хила а мега, шемахоша ма-диццара, аьлла хета цунна. Делахь а, талламо бен гойтур дац кема хьенан территорин тIехула хилла, иза чудоуьйтуш аьлла, билгалдаьккхина туркойн президенто.

Туркойн тIеман кема охьадоьжна Дьуненаюкъарчу хIорда чохь, Шеман территори ларалуш долчу хиш чохь. Туркойн а, Шеман а хIордан кеманаш пилоташ лоьхуш ду цу меттехь.
XS
SM
MD
LG