ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къизаллашна дуьхьала митинг хилира Соьлж-гIала


Къизаллашна дуьхьал йолчу митинге гулбелла оьрсийн-нохчийн тIемашкахь тIепаза байначеран а, къизаллаш лайначеран а гергарнаш, Соьлж-гIала, 26Ман2012
Къизаллашна дуьхьал йолчу митинге гулбелла оьрсийн-нохчийн тIемашкахь тIепаза байначеран а, къизаллаш лайначеран а гергарнаш, Соьлж-гIала, 26Ман2012

Дуьненаюкъарчу къизаллаш лайначу нахана гIортор ечу дийнахь «Къизаллашна дуьхьала йолчу комитето» куьйгалла а деш, митинг дIаяьхьира Соьлж-гIалахь.

Iуьйрана итт сахьт даьлча Соьлжа-гIала юккъахь йолаелла йолу и акции, цхьана сахьтехь сов бен ца лаьттина. Ткъе иттех сов гулвеллачу декъашхочуьнгахь, карахь яра плакаташ а , транспоранташ а, ницкъаллийн структурашкахь хуьлучу къизалшна доьхьал.

Тамашийна далахь а, оцу пикетан цхьа а тайпа новкъарло ца йира низамхоша. Нах цига дIахиттича. Кехаташ удй, даций, бакъо мичахь ю аьлла тIебаьхкинчу полисхошка, керлачу низамца догIуш ма хиллара гулбелла шаьш аьллера и акции вовшахтоьхначу «къизалшна доьхьала» цIе йолу комитетан декъашхоша. Нохчийочхь болх бечу оцу бакъонашларъярхойн тобанна коьртехь волчу Лаптев Дмитрийс,дийцира Маршо радиога оцу акцех лаьцна:

Лаптев Дмитрий: "И акци йоьзна яра, Цхьанакхеттачу къаьмнийн цхьанатуохаралло къизалш лайначу нахан гIортор йо аьлла билгалдаьккхинчу денца. Оха низамашца догIуш ма хиллара, Iедалшка хаам бира, амма, тхуна жоп ца деара. Керлачу низамашца, оха хаам бичхьана тхо ишшта арадовла йиша йолун денла, оха и акци дIаяхьара. Билгалдаккха деза, полисхоша тхуна новкъарло ца йира, оха тхайн бакъо дIайовзийтича."

Нохчийчохь йоьвзаш йолу бакъонашларъярхо къиза йийначулла тIьахьа, цуьнана меттигерачу белхан накъосташна кхерам бу аьлла, Оьрсийчоьнана регионашкара бакъонашларъярхойх вовшахтиоьхна йолу тоба йогIу республкие болх бан. Нохчийн юккъараллехь хIинца а кхера низамхойх, цундела, цу тайпа акцешка дукха нах ца боху, элира Лаптев Дмитрийс.

Лаптев Дмитрий: "Дукхачу хьолехъ, ишштачу акцешкахь дакъалоцурш, кхин некъ а ца карийна, цхьаннаа хIуманах ца кхоьрурш бу. Нах кхоьруш бу. Дуккха уза хуьлу, наха тхоьга арз а дой, шозлоIгачу дйинахь иза юхаоьцуш. Иза суна хетарехь доьзна ду, шай гергар стаг вайча, ян лачкъийча, гIара а ца доккхущ, иза шай уьранашцани мокъаваккха. Ткъа, тхо долчу боху, гIо дан аьтто боцучу хенахь, 2-3 шо даьлча. Нах тхоьга гIо деха ца хIоттар а, шай каналашкахула лехарш дан гIортар а ,иза бакъ долуш хIума ду."

Цхьа ши кIира хъалха, Нохчийочхь байначу нехан гергарчу зударша дIаяхьанчу митинган тIехьожуш болх бира «къизалшна доьхьала» комитетан декхъашхоша. Оццу дийнахь Соьлжа-гIаларчу мэрехь, махкхаь мел йолчу ницкъаллийн структурийн куьйгалхой а болуш, республика куьйгалхочо дIадаьбханчу цхьанакхетарехь дакъалецира оцу бакъонашларъярхоша. Низамхоша уьш бехке бира, махкахь долу къепе дуохо гIерташ бу аьлла, вукхара шай болх низамаш кхочуш дайтар ду аьлла дийцира. И цхьанакхетар дIадоьрзуш, шай барт хилира элира цуо, оьшучохь вовшах гIо дийра ду аьлла.

Лаптев Дмитрий: И къамел айдинчу озаца дара. Талламан комитетан куьйгалхочо, талламхошна цхьа семинар йийра ю аьлла, цуьнца тхан хилла барт болшехь, дIахьтедар дира, тхоьца болх бан шена ца лаьа, оха новкъарло йо аьлла. Низамо ма баххара дан дезаш дерг цаьрга дайта гIерта тхо. И новкъарло хира ю оха царна еш ерг.Ткъа, кхечу агIора аьлча, и кхеташо чекхайолучу хенахь, вице-премьер волчу Даудов Мохьмада, элира тхуна цхьа новкъарлонаш ялахь, шега хаам бе аьлла. Тхайн оьшучу хенахь, оха иза дийра ду аьлла хета суна.

«Къизалшна доьхьала» йолчу комитета Соьлжа-гIалахь дIаяхьанчу оцу акцийца цхьана нисъеллера, республикан кегирхойн цхтьана тобано наркотикашна доьхьал дIахьош йолу митинг а. Цхьана тамашийначу хьелашца даиманна цхьана нисло ишшта акцеш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG