ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбалера визит Урдунехь ерзош ву Путин


Урдан Малхбун йистехь Вифлеем гIалахь Палестинни куьйгалхочуьнца Iаббас Махьмудца дагадовларш дIахьуш ву Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир. Дийцаршкахь коьрта меттиг лоцуш ду, Израилан а, Палестинин машаре дагадовларш карладахар.

Цул а хьалха Путина изза хаттар дийцаре динера Израилан куьйгалхошца.
Iаббасца цхьанакхетале, Вифлеемерчу Iиса пайхамар варна леринчу килсанехь хилира Путин.

Урдунан паччахьца Iабдалла ШолгIачуьнца цхьана а кхетта, шен Малхбалера визит ерзор ю Путина.
XS
SM
MD
LG