ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемахь къоман цхьааллин Iедал кхолла боху Аннан Кофис.


Ницкъ бар сацон Iалашонца, Шемахь къоман цхьааллин Iедал кхолларца йоьзна ойла кховдийна дуьненаюкъараллин Шемарчу векало Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин инарла хиллачу Аннан Кофис. Цунна хетарехь, вовше герзаш деттар сацоран биллам а хIоттийна, оцу Iедална юкъабаха мегар дара хIинцалерчу режиман а, цунна дуьхьала яьллачу оппозицин а векалш.

Аннанс кховдийначу ойланца хIокху тIедогIучу шоьтан дийнахь Женевехь дуьненаюкъара конференци ю вовшахтухуш, Шемара хьал дийца. Цига кхайкхина Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхерамазаллин Кхеташонан Гуттар а йолу пхи пачхьалкх-декъашхо а, Iаьрбийн Пачхьалкхийн Лигин пачхьалкхаш а. Амма ГIажарийчоьнан а, СаIудин Iаьрбийн пачхьалкхан а векалш, схьагарехь, цига гIур болчух тера дац.
XS
SM
MD
LG