ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iедалх йозуш йоцу организацеш халчу хьоле хIиттайо керла кховдочу низаман проекто


Арахьара гранташ оьцучу, Iедалх йозуш йоцчу организацешна керла билламаш хIитторца йоьзначу низаман проекто, оьрсийн юкъараллина ондда эшам бийр бу аьлла хета бакъонашларъярхошна.

Москохарчу ХIелсинки тобан куьйгалхочо Алексеева Людмилас и проект «акха» ю аьлла. Цо билгалдаьккхина иза уггар а хьалха регионашкарчу организацешна бале ерг хилар.

«Цхьааллин Оьрсийчоьнан» партин депутато Сидякин Александро кховдийна ю. Цул а хьалха, дукха хан йоццуш тIеэцна долу, митингашкахь гIалат далийтинчарна таIзар дарца доьзна низаман авторх цхьаъ а вара изза депутат.

Низамехь бан кховдочу цу хийцамашца а догIуш, кхечу пачхьалкхашкара ахчанаш оьцуш а, Оьрсийчохь политикехь дакъа лоцуш а болу нах – Iедалшан дуьхьала йолчу митингийн декъашхой а цхьаьна – арахьара агенташ хир бу. Оцу кепара Iедалх йозуш йоцу организацеш леррина хьесапе эцна а хир ю, эха шарахь цкъа шайн белхан жамI зорбане даккха дезаш а хир ю.
Оьрсийн пачхьалкхан ДУМе кховдон тарлуш ю оцу низаман проект.
XS
SM
MD
LG