ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дика чекхяьлла лору Европан футболан чемпионат Платини Мишела


Европерчу футболан UEFA федерацин президенто къобалдина Полшано а, Украинас а Евро 2012 футболан чемпионат тIех дика тIеэцар. Шоьтан дийнахь Киевехь оцу кепара къамел дира президента Платини Мишела.

КIиран дийнахь Украинин коьртачу Киев гIалахь дIахьур йолуш ю европан футболехула йолу чемпионат. Европан чемпионийн кад къовсур бу дуьненан а, евыропан а чемпионаш болчу испанхоша а, италхоша а.

Платинис билгалдаьккхира, и ша йолу чемпионат, расизмана тIехула оьрсашний, полшахошний юкъахь цхьа жимма буй-тIарий хилар доцург, кхин хIара бу аьлла, бохамаш ца хуьлуш, чекхъяьлла хилар.
XS
SM
MD
LG