ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацин машаран план ца тайна Шемахь


Шеман оппозицин тобанаша критика йина Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Организацино кховдийначу машаран планна. Шеман Къоман Кхеташонан официала векал Галюн Бурхан и план, шайх ца дашар санна хIума ду, шайна тIехь таIзар латточу стагаца дагадовларш де алар, бохуш вара.

Амма оцу Кхеташонан зорбан секретара Кхадмани Басмас бахарехь, цу планан масех дика агIо ю.

Женевехь шоьтан дийнахь дIадаьхьначу цхьанакхетарна критика йира Шеман Iедалехьа болчу хаамийн гIирсаша а.
Шемахула дуьненаюкъара векал волчу Аннан Кофис кховдийначу керлачу планехула – къоман барт баран ханна хаьржина Iедал кхолла дезара Шемахь. Делахь а, девнехь лаьттачу Шемара шина а агIоно и план тIеоьцуш яц.
XS
SM
MD
LG