ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Либехь - дуьххьара харжамаш



Либехь кху тΙаьххаьрчу 60 шарахь хилла боцу маьрша харжамаш бу дΙабоьлхуш. 2 миллион 7 бΙе харжамхочо къастош ву шайн мехкан Ассамблея юкъа 200 депутат. Ткъа хаьржина ассамблея декхаре хир ю Ιедалан дай билгалбаха а, керлачу конституцина бух билла а. Ассамблея юкъа кхача луучу 3700 кандидаташлахь дукхахберш бу бусулба динца йоьзна программаш йолу нах.

Бакъду, дерриг а дац Либерчу барамехь шера. Малхбалера бахархой реза бац, къилба агΙонна 102 меттиг дΙа а луш, шайна ассамблеяхь къастош 60 меттиг бен бацарна. Коьрта шахьарахь Бенгазихь пΙераскан дийнахь резадацаран гулам а хΙоттийра мехкан малхбалерчу декъан векалша. Оцу хьелашкахь Бенгазина гена доццуш, харжамашна кхаьжнаш бохьуш догΙучу беракеманна герзаш диттина. Велла харжамийн комиссин декъашхо.
XS
SM
MD
LG