ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ОвхΙанистанна гΙо дечу мехкийн конференци



ОвхΙанистанан президент Карзай Хьамид шоьтан дийнахь Японе вахана ОвхΙанистанна рицкъанца гΙо дечу пачхьалкхийн конференце. Цигахь бийцаре бийр бу ши шо даьлча ОвхΙанистанера Атлантикан альянсан эскарш дΙадаханчул тΙаьхьа овхΙанхошна кхачанца а, духарца а гΙо даран некъаш. 70 пачхьалкх лерина ю ОвхΙанистанна хΙора шарахь 4 миллиард долларна гΙо латтон.

Японехь Карзай цхьаьнакхетар ву цигарчу паччахьца а, премьер-министрца а, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин куьйгалхошца а, мехкийн арахьарчу гΙуллакхийн министршца а.

Ша новкъа валлале Карзай Хьамидан къамел хилира Кабуле еъначу Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан секретарца Клинтон Хилларица. ХΙинца дуьйна дΙа ОвхΙанистан шайн пачхьалкхаца герггарло долу мохк хир бу, элира Клинтона.
XS
SM
MD
LG