ОвхIанхойн Iедало емалдина Талибано нахана юккъехь зудчунна таIзар дар, иза «бусулба динна а», «адамаллина дуьхьала» а дина зулам санна. Ша арахецначу дIахьедарехь Кабулерчу Iедало кхайкхам бина цунна бехкениш карон а, кхеле озон а беза аьлла.
Кабулана къилбаседехьа йолчу Парван провинцехь даханчу кIирнах нахана хьалхха цхьа зуда йийнера, иза оьзда лелаш яцара аьлла. Дийцарехь, иза Талибано дина ду. И зуда ер видео тIе даьккхина ду.
ОвхIанера низамашкховдорхочо Куфи Фарзайс емалдина зуда ер. "Оццул дукха нахана хьалхха, Кабулана уллехь оцу кепара хIума хилла", бохуш, хоьттуш яра иза.
Оцу махкара адамийн бакъонашларъярхойн комиссино бахарехь, хIокху тIаьхьарчу цхьана шарахь цIеххьаша лакхадаьлла цу махкахь зударшна ницкъ бар.