ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхело Оьрсийчоь бехке йина Нохчийчура 5 стаг нуьцкъала вайарна


Нохчийчура бахархоша чубеллачу рогIера латкъаман хьокъехь сацам бина тахана Страсбургерчу Адамийн Бакъонийн Кхело - Оьрсийчоь бехке йина 2001-чу а, 2004-чу а шерашкахь пхи стаг нуьцкъала тIепаза вайарна.
Оьрсийчоьнна латкъам бина ИлаевгIар а кхин берш а боху исс стаг ИлаевгIеран Инверан, Iадланан, Рустаман а, Батаев Казбекан а гергара нах бу. Оьрсийн эскархоша 2004-чу шарахь Анисовка эвлахь лаьцначул тIаьхьа байна бу.

Вахаев Русланбекан гIуллакхехула латкъам бинарг цуьнан нана яра. Хьалха-Мартанна гена доццуш, "Рошня" олучу блок-постехь оьрсийн эскархоша сацийначул тIаьхьа вайна вара Русланбек а.

ИлаевгIар сатоссуш шайн чуьра дIабигинера, туьтмIаьжгаш а йоьхна, чулилхина хиллачу оьрсийн ницкъаша. Етта а етташ, гIагI-диллинчу машенашкахь уьш дIабуьгуш гина лулахошна. ТIаьхьабевллачу гергарчарна гучудаьлла, уьш Ханкаларчу тIеман базе бигина хиллий. Амма хIетахь дуьйна кхин хIумма а ца хиъна кегийрахойх лаьцна.

Яхаев Русланбек шен доттагIийн машенахь вогIуш, 2001-чу шеран ГIадужу баттахь сацийна вара оьрсийн блокпостехь. Иза а, машенахь хилларг а, йиттинчул тIаьхьа, гIагI-диллинчу машенахь дIавигна. ХIетахь дуьйна уьш гина бац цхьаннена а.

ХIокху шина гIуллакхехула Европерчу Кхело сацам бина, ваха йолу бакъо пхеа а стеган йохийнера, уьш лохуш оьрсийн Iедалша хIумма а ца динера, аьлла.
Латкъамхошна хIинца гIуда такха дезаш ю Оьрсийчоь 353 700 сом барамехь.
XS
SM
MD
LG