ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIалибийн лидер Молла Омар президентан харжамашка кхайкхина Карзайс


ОвхIан мехкан президенто Карзай Хьамида кхайкхам бина тIалибийн лидере Молле Мухьаммед Омаре, Iедалца къийсам а ца латтош, президентан дарж къовса харжамашкахь, аьлла. Тахана Кабулехь журналисташна хьалха вистхуьлуш Карзайс элира, шен политикан парти кхолла а, ОвхIанехь шен офис схьаелла а йиш ю Омаран, аьлла.

Цхьанатоьхначу Штаташ урхалла а деш, дуьненаюкъарчу коалицино цуьнан режим йохийначу 2011-чу шарахь дуьйна, тIалибийн лидер волу меттиг хууш яц. ХIокху дуьненахь уггар а лоьхучех ву иза. Иза лаца аьтто боккхуш информаци еллачунна 10 миллион доллар дала дош делла Iамерко.

Карзайс дуукхаза а кхайкхина Молле Омаре а, кхечу тIалибашка а машаре процессехь дакъа лаца, аьлла. Амма цара тIе ца дуьту Карзайс бохург.
XS
SM
MD
LG