ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо шо кхаьчна Эстемирова Наташа йийна


Тахана кхо шо кхаьчна бакъонашларъечу «Мемориал» организацин векал а, журналист а Эстемирова Наташа йийна. 2009-чу шарахь Товбецан беттан 15-чу дийнахь Нохчийчохь лачкъийнера иза. Цул тIаьхьа масех сахьт далале йийна карийра луларчу ГIалгIайчохь.
И зулам хIинца теллина дац, карийна бац иза динарш а, дайтинарш а.

Юьхьанцара, цунна куьг-бехке ницкъаллийн структураш хила там бу бохуш верси яра, кхечу версишца юьйцуш. Ткъа хIинца, цунна тIелатар дина хилларш нохчийн тIемалой бу боху. Амма бакъонашларъярхоша шеконе лору иза. Эстемирова Наташа дагалоьцуш цхьа моггIа акцеш дIаяьхьира Оьрсийчохь а, цу пачхьалкхана арахьа а.

Бакъонашларъярхойн хьесапехь, Эстемирова йийначул тIаьхьа Къилбаседа Кавказехь болх бечу жигархойн хьал дуккха а хийцаделла вуочу агIора. ХIинца а лечкъош а, бойуш а бу нах.
XS
SM
MD
LG