Боснерчу сербийн эскаран буьйранча хиллачу Младич Раткона тIехь кхел яр юха а дIадоладелла ХIаагехь дуьненаюкъарчу трибуналехь.
Цу стагана бехке дуьллуш ду 1990 шерашкахь Боснехь тIемаш доьлхуш адамаллана дуьхьала луьра зуламаш дар. Царна юкъахь ду 1995-чу шарахь Сребреница олучу гIалахь эзарнаш бусулба нах байар а. Амма Младича иза, бакъ дац бохуш, тIе ца дуьту.
70 шо долу Младич Ратко дарбанцIийне охьавиллира еарин дийнахь, кхел дIайоьдуш во а хилла. Сербин полицино дIалецира иза стохка 16 шарахь Iедалех лечкъаш леллачул тIаьхьа.