ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Димашкъехь байина Iедалан лаккхара даржхой



Тахана Димашкъехь байина лаккхарчу даржашкахь болу Iедалхой. Цхьаберш чевнаш хилла бу. Вала араваьллачу стага машен эккхийтина къоман кхерамазаллин сервисана хьалха. Цу хенахь цу хIусаман чохь кхеташо дIахьуш хилла ницкъаллин структурийн белхахой. Эккхийтар дар бахьана долуш, вийна Шеман тIеман министр Раджха Дауд. Еза чевнаш йина чоьхьарчу гIуллакхийн министарна Шаар Мохьаммадана а, кхерамазаллин сервисан куьйгалхочунна Бехтияр Хишамна а.

ДарбанцIийне вигинчул тIаьхьа велла еза чов хилла волу эскарехь лаккхарчу даржехь хилла волу Шеман президентан Асад Башаран нуц Шаукат Хишам. Цуьнах лаьцна хаам бина меттигерачу телевизионо. Хаамийн гIирсаш дийцарехь, и эккхийтар дина стаг гIаролхо болх беш хилла цхьана Iедалан структурехь.

Тешаш дийцарехь, тIемаш дIадоьлхуш ду Шеман коьртачу гIалина Димашкъана гонаха. «Маьрша Шеман Арми» олучу герзаца йолчу оппозицино дIахьедар дина и гIала дIалаца дагахь, тIаьххьара тIегIортар долийна шаьш аьлла.
XS
SM
MD
LG