ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла Мисаран вице-президент хилла волу Сулейман Омар



Мисаран президент хилла волчу Мубарак ХIоснин Iедалехь талламан сервисан куьйгалхо хилла волу Сулейман Омар велла Iамеркехь Кливленд олучу гIаларчу цхьана клиникехь. Цуьнан дара 75 шо.

Билггала Сулеманан цамгарх лаьцна а, иза стенах велла а хууш дац. Рейтер-агенталло дийцарехь, иза цIеххьана велла, лоьраш цуьнан могашалле хьовсуш болуш.

2011-чу шарахь Чиллан-баттахь Мубарак даржера вохийначул тIаьхьа йоццучу хенахь Мисаран вице-президентан даржехь лаьттира Сулейман Омар.
XS
SM
MD
LG