ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делимханов бехказа витина Дубайн полицино аьлла, хаам бина Сабсабис



Дубайн инарла-прокуратуро шаьш дехкина долу бехкаш дIадаьхна Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутатан Делимханов Адаман тIера. Цуьнах лаьцна хаам бина Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Федерацин Кхеташонан декъашхо волчу Сабсаби Зияда.

2009-чу шарахь Ямадаев Сулима вуьш дакъа лаьцна аьлла, цигарчу Iедалша дуьненаюкъарчу лехамашка веллера Делимханов. Цо векал а вина, цуьнан цIарах Дубайрчу талламхошца зIе латтош вара Сабсаби.

Делимханов Адама ша реза ву бохуш, дийцара Дубайн полицица Ямадаев вер толлуш юкъаметтигаш лело, амма цо питана ду бахара ша цу зуламна бехке ву бохуш, чIагIдар.
XS
SM
MD
LG