ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши эскархо вийна ГIалгIайчохь


Мел-лаххара а 2 салтти вийна, кхоъ чевнаш йина ву ГIалгIайчохь, муьлаш бу ца хуучу наха герз деттар бахьана долуш. Цуьнах лаьцна хаам бина меттигерчу талламан комитетан урхалло.

ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан векалша дийцарехь, эскаран тIеман коврана дина тIелатар дина Сунжа-кIоштахь Галшки-эвлана гена доцуш. Цунна тIе герз диттина хьунхара.

Карарчу хенахь цу меттехь дIахьуш ю талламан операци. Амма цкъачунна каравеана стаг вац.
XS
SM
MD
LG