Мел-лаххара а НАТО-н кхо эскархо вийна ОвхIанистанехь кху тIаьхьарчу шина дийнахь. Царна тIелатар дина цу мехкан Малхбалехь йолчу цхьана кIоштIахь.
Ши эскархо вийна кIирандийнахь Iуьйринна, некъаца йоьллина мина а иккхина. Кхин цхьа эскархо вийна шоьтан дийнахь, тIемалоша тIелатар а дина.
Байинарш муьлхачу пачхьалкхашкара бу дуьйцуш дац. France-Presse олучу хаамийн агенталло дийцарехь, хIара шо доладелчхьана ОвхIанистанехь вийна дуьненаюкъарчу коалицин 250 эскархо.