ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Олимпан ловзаршка бахка дихкина царна



Лондонехь дуьйлалучу Олимпан ловзаршка бахка дихкинчийн могΙарахь ву Белорусан президент Лукашенко Александр. Цунна аккредитаци ца яла сацам бина официалехь Олимпан ловзаш вовшахтухучу комитето. Европе кхача дихкина цунна хьалха дуьйна а дара. Оцу тайпанарчу Белоруссин хьаькамийн декъахь ву 200 сов стаг. Царна Европано бехке до шайн халкъана тΙехь таΙзар латтор, махкахь демократи эшор.

120 пачхьалкхийн куьйгалхой богΙур бу Лондоне Олимпан ловзарш дуьйлалуш хьовса.

Иштта ца кхойкхуш битина олимпиаде Шемин а, Зимбабвен а президенташ – Асад Башар а, Мугамбе Роберт а.
XS
SM
MD
LG