Пакистано юха а дΙакъевлина шен агΙор ОвхΙанистане боьлху машенийн некъаш. Хьалхо уьш биллинера Ιаьмеркан эскаршна тΙе кир дΙасалелийтархьама. ДΙакъовларан бахьана Пакистано хаам барехь, доьзна ду кхерамзаллин хьашташца. Хьакамаша чΙагΙдо, некъаш тΙехь лелхийтарш дан кечбелла Ιа тΙалибаш, бохуш.
Ши де хьалха Хайбер-кΙоштахь тΙелатар дира тΙалибаша кир эцна йоьлхучу НАТО-н машенийн корванна. ДΙакъевлина некъаш йоццачу ханна, чΙагΙдо пакистанхоша.