ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мэрна дуьхьал мацалла лаьцна



Минеральные Воды-гΙалахь маситта стаг ву мацалла лаьцна меттигера мэр даржах вохор лоьхуш. И акци къобалйина меттигерчу а, луларчу а гΙаланийн демократин боламаша. Мацалла кхайкхинчарна Ιаьткъинарг ду, цара бахарехь, тΙаьххьарчу муьрехь гΙалахь даккхий догΙанаш даьхкича, хино маситта бΙе нехан хΙусам йохийча, мэран бала кхаьчна а ца хилар.

Мацалла лаьцначийн тобанна гонаха хьийза меттигера полици. Цо хΙинций-хΙинций дΙалоьцу акцин декъашхой, бохуш Ιа шаьш, элира журналисташка Пятигорскерчу «Оьрсийн марш» юкъарлонан декъан куьйгалхочо Чернов Дмитрийс.
XS
SM
MD
LG