Оьрсийчоьно дΙахьедина, Шемин эскаршна тΙе кхерам боьссина, аьлла. Оцу юкъанна алссам ницкъ а, герзаш а тΙедерзина цигарчу Ιедало йоккхаллийца шолгΙа ларалучу Алеппо-гΙалина. И хьал туьдуш, оьрсийн арахьарчу гΙуллакхийн министра Лавров Сергейс элира журналисташка, гΙаттамхошка яккхий гΙаланаш дΙа а лоьцуьйтуш, Ιийр дац эскарш, аьлла.
Шемарчу оппозицин тергамхоша хаамаш барехь, кеманашца ракеташ а етташ, паргΙатъяккха гΙерта пачхьалкхан ницкъаш Алеппо. Дуккха а белларш а, лазийнарш а бу шина а агΙор оцу гΙалина уллерчу СалахΙеддин олучу меттехь.
Шемахь пΙераскан дийнахь вийна, оппозицин терахьаша бахарехь, 160 стаг. Малхбале саготта ю туркойн дозанна гена йоцчу ши миллион стаг вехачу Алеппохь лаьттачу тΙамна.