ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эладиттах лаьцна артикл юха а юкъаялийна Оьрсийчохь



Оьрсийчоьнан бехк-такхаман кондексана «эладит» олуш йолу артикл юха а юкъаялорах лаьцна долчу низманна тIе куьг таIийна президенто Путин Владимира. Цуьнах лаьцна хаам бина Кремлан зорбан сервисо.

Оьрсийчоьнан бакъонашларъярхоша кхайкхамаш бинера Пачхьалкхан Думе а, Федерацин Кхеташоне а иза а, кхин долу а цхьамоггIа демократина дуьхьала долу низамаш тIе ма эцахьара аьлла.

Эладиттах лаьцна йолу артикл Оьрсийчоьнан бехк-такхаман кодексана юкъаряьккхинера стохка ГIура-баттахь, цу хенахь президент хиллачу Медведев Дмитрийн лаамца.
XS
SM
MD
LG