ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальный кхеле озийна юха а



Оьрсийчоьнан Талламан комитето бехк кховдийна Оьрсийчурча оппозицин лидерех цхьаъ волчу Навальный Алексейна, цо механа беза болу нехан бахам шена берзийна аьлла. Нагахь цуьнан бехк хилар тIечIагIдехь, 10 шо тоха мегаш ду цунна набахтехь даккха.

Хаттарш а делла, Навальный дIахецна талламхоша. Цара дийцарехь, 2009-чу шарахь Навальныйс Киров-къоштан губернаторан хьехамча ша волуш, «Кировлес» олучу компанега харц сацам байтина хилла. И бахьана долуш зе хилла цу компанина.

Цу регинерчу талламан органаша цу хенахь таллам бича, цхьа а низам дохийна ца карийнера. Делахь а кху шеран Стигалкъекъа-баттахь Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьгалхоша юха а схьадиллира Навальныйна дуьхьала долу бехк-такхаман гIуллакх.

Навальный Алексейс латкъам бина суьде, и сацам нийса бац аьлла. Москох Басманан суьдо луьстур болуш бу и латкъам Марсхьокху-беттан 2-чу дийнахь.
XS
SM
MD
LG