ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Израиле кхаьчна Панетта



Официалан визитаца Израиле кхаьчна Iамеркан тIеман министр Панетта Леон. Цигарчу куьйгалхошца иза дийцаре дира цхьамоггIа хаттарш, шайна юкъахь ГIажарийчоьнан зарратан программа а йолуш.

Израиле вахале Мисар-пачхьалкхехь хилира Панетта. Цигахь Iамеркfy тIеман министро дIахьедар дира, Израилан политикашца ГIажарийчоьнна дан мегаш долу тохар дийцаре дан дагахь вац ша аьлла. Цо бигладьккхира ГIажарийчоьнца йоьзна йолу проблема дIаерзон, дипломатийн гIулчаш чекхйоьвлла яц аьлла.

Байтал-Къуддусехь Панетта Леонца цхьаьна зорбан-конференцехь дакъалоцуш хиллачу Израилан премьер-министро Нитаньяху Биньямина дIахьедар дира, шаьш реза дац Iамеркан тIеман министарна хетачунна аьлла. Израилан куьйгалхочунна хетарехь, ГIажарийчоьнна дуьхьал ницкъ баккха беза мелла а сиха.
XS
SM
MD
LG