И документ кечдинарг яра коьртачу декъана Сауди Iаьрбийн пачхьалкх. Иза тIеоьцуш кхаж тесира 133 пачхьалкхо. Резолюцина дуьхаьала хилла 12 пачхьалкх. 31 мехкан векалш шайна хетарг ца хоуьйтуш севцна.
Шемарчу гIаттамхошна тIамца доьзна доцу гIо дар алсам даккха дагахь ю Британи. Цуьнах лаьцна ПIраскана дийнахь дIахьедар дина цу пачхьалкхан арахьарчу гIуллакхийн министро ХIейг Уильяма. Цо шаьш саготта хилар хаийтина, Аннан Кофи Шемахь волчу дуьненаюкъарчу векалан даржера дIаваларна.
ХIейгана хетарехь, цу гIуллакхо новкъарло ян мега, Шемара кризис дIаерзо гIерташ, дуьненаюкъаралло лелош долчунна.