ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

19 стаг вийна Туркойчохь



19 стаг вийна Туркойчоьнан къилба-малхбалехь туркойн эскархойн а, курдийн тIемалойн а хиллачу тIематасадаларехь. Хаккяри-провинцин куьйгалхочо Алимоглу Орхана бинчу хаамца, байинчарна юкъахь ву 6 туркойн эскархо а, меттигера ши вахархо а, 11 курдийн тIемало а. Кхин а 15 туркойн эскархо чевнаш хилла ву.

ТIематасадалар хилла Иракъан дозанехь йолчу постана курдийн гIаттамхой тIелатар бахьана долуш. 27 шо ду курдийн сепаратисташа туркойн Iедалшца къийсам латтон. Цу хеначохь вийна 40 эзар стаг.

Туркойчоьно а, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а терроран лоруш ю, курдийн сепаратисташ кхоьллина йолу, белхан парти.
XS
SM
MD
LG