ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара ведда Iедалан да


Шемин телевизионо бакъдина мехкан премьер-министр Хиджаб Рияд луларчу Урдуне ведда хилар а, и бахьанехь иза президента Асад Башара даржах мукъаваьккхина хилар а. Кхочучу хаамашца, ведда премьер шен доьзалца цхьаьна.

Хьалхо юьртабахаман министр хилла волу Хиджаб Ιедалан коьрте хΙоттийна бацара ши бутт бен. Махкара бевддачех уггаре воккха хьаькам ву хΙинца юьстахваьлларг.

Оцу юкъанна тΙемаш бу Шемахь лаьтташ. Кхо белхахо а лазош, эккийтар дина Демаьшкарчу телевизионан цΙа чохь
XS
SM
MD
LG