ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Делан леш бу я шпионаш бу?




ГΙажарийчоьнан арахьарчу гΙуллакхийн министр Салехьи Ιела Акбар Туркойчу воьдуш ву, Шемара тΙеман хьал дийцаре а деш, цига зератдан веъча лаьцна 48 гΙажаро мукъавоккху некъ лаха.

ГΙажарийчоьн векалша бахарехь, Салехьи вовшахкхетар ву туркойн арахьарчу гΙуллакхийн министрца Давутоглу Ахьмадца тΙедогΙучу деношкахь.

Шема баьхкина гΙажарой могΙара зератхой бацара, Асад Башаран агΙор лаьттачу ГΙажарийчоьнан къайлахчу сервисан белхахой бара, чΙагΙдо Шемарчу гΙаттамхоша.

Салехьи Ιелас дехна Туркойчоьнан а, Къатаран а дипломаташка ГΙажарийчоьнна шен лецна нах мукъабохуш гΙодар.
XS
SM
MD
LG