ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДΙовш даорна кхел йина китайхочунна




Дийнахь йина, чекхъяьлла, компартин цхьана провинцин куьйгалхо Силай Бо-н зудчунна Кайлай Гу-на тΙехь еш хилла кхел Китайхь. Зудчунна бехке дина, цо бизнес къовсуш, ингалсхо Хейвуд Нейл, дΙовш а тесна, вийна хилар. Зудчо дина зулам бахьанехь, хьалхо, даржах а вохош, Китайн компартин политбюрона юкъара ваьккхира цуьнан майра Силай Бо. Цкъачунна хууш дац, сацам маца бовзуьйтур бу кхело. Тергамхошна хетарехь, ен кхачо мега Кайлай Гу.
XS
SM
MD
LG