Синай-ахгΙайри тΙехь, Мисаран пачхьалкхан Найл Ньюс телевизионо тоьшалла дарехь, юхагΙаьттина Ιедаланний, цигахь цунна дуьхьал лаьттачу герзахойн тобанний къовсам. Эл-Ариш гΙалахь полицин декъанна тΙелетта герзахой. Царех цигахь вийна 20 стаг. Тийсадаларш дуьйладелла Синайхь дахначу кΙирандийнах,ь тΙемалоша Ιедалан эскарера 16 салти верца. Хилларг бахьанехь Мисаран президента Мурси Мухьаммада даржах вохийна пачхьалкхан къайлахчу сервисан куьйгалхо а, Синайн губернатор а.
Синайра герзахой ца къарбало Мисаре