Деношкахь ГΙобанан губернатора Ткачевс, кавказхой махках а бохуш, уьш цу чу ца буьту некъ баккха беза, аьлла, полицин а, гΙалгΙазакхийн а кхеташонехь дина къамел шена ца тайнийла дΙахаийтина интернетехула луларчу Ставропол-мехкан дас Зеренков Валерийс.
Ткачевс мухха-хΙуъа а леладахь а, «оха-м бохур бац оьрсех боцу нах махках, оха массаьрца а цхьана бийр бу белхаш. Веаний махка – дика ду, бухахь шерашкахь кхолладелла гΙиллакхаш лардичхьана. Вай цхьана пачхьалкхера нах ду, цхьабосса бакъонаш йолуш даха а деза», яздо Зеренковс шен блога тΙехь.
Ткачевс а делла интернетехула, ша националист ву бохуш, бехкевечу нахана жоп. Ша буьйцурш, бакъо а йоцуш баьхкина нах бара, оцу тΙера ша вер а вац, яздо ГΙобанан губернатора. Оцу хьокъехь шуна алссам хезар ду тΙаьхьо.