Атлантикан альянсан тΙеман дакъош лаьттачу ОвхΙанистанерчу Гильменд-кΙоштахь пΙераскан сарахь кхо Ιаьмеркан эскархо вер толлуш ду мехкан Ιедал. Гельмендан урхаллин векала Ахьмади Дауда хаийтира, тΙелатар дина стаг лаьцна а ву, зулам толлуш а ду, аьлла.
Хьалхо вийнера ОвхΙанистанан малхбалехь кхин цхьаъ а Ιаьмеркан эскархо. Гильмендехь а санна, и вийна ши стаг а хилла овхΙанахойн эскаран духарахь.