Оьрсийчоьнан премьер-министр Къилба ХΙирийчу вахар емал дина, и республика шен дакъа хиларе терра, Гуьржийчоьно. Ткъа Медведевс ша йозуш йоцчу пачхьалкха ваханера, аьлла жоп делла.
ХΙирашний, гуьржашний юкъахь тΙаьххьара тΙом иккхина 4 шо кхачар билгалдоккхуш кхаьчнера оьрсийн Ιедалда Цхинвале. Ткъа и де, Марсхьокху-беттан борхΙалгΙаниг, вовшашна дуьхь-духьал а луьйш, дΙадаьхьира Гуьржийчоьной, Къилба ХΙирийчоьной.
Оцу юкъанна гуьржийн президента Саакашвили Михаила сатуьйсу деношкахь шен оьрсийн коллегас Путин Владимира динчу дΙахьедаран дуьненан юкъараллаша мах хадоре. Шина къома юкъа тΙом боьлла де тΙекхочуш Путина дΙахьединера, Оьрсийчоь и дов эккхале дуьйна а яра Гуьржийчоьнна духьал тΙеман операци дΙаяхьа кечлуш, аьлла.