ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лаккхара тIемахой даржах баьхна Мисаран президенто


Мисар пачхьалкхан президенто Мурси Мохьаммеда дIахьедар дина, хьастагIа лаккхара тIеман ши даржхо балхах мукъавитар, «къомана пайде дерза деза» аьлла.

ТIеман министр – Мисаран Лаккхарчу ТIеман Кхеташонан куьйгалхо, фельдмаршал Тантауи а, Инарла штабан хьаькам инарла Энан а шайн даржех паргIатбаьхнера Мурсис. Мубарак Хьосни Мисаран президент волчуьра вохийначул тIаьхьа дуьйна, керла президент «Бусулба вежарий» боламан векал Мурси харжжалц, пачхьалкхана урхалла деш яра тIеман кхеташо.
Тантауи и Энан а президентан хьехамчий хIиттийна. Мисарерчу буьйралло бечу хаамца, инарлаш реза а болуш хилла ду, уьш даржех мукъабахар.

Мохьаммеда, иштта, дIабаьхна, цуьнан урхалла лахдеш, Конституцина юкъаэцна керла хийцамаш.
Эзарнаш КъахIиран бахархой гIалин юккъерчу ТахIирир майдане арабевллера, президентан сацамашна шаьш гIортор еш хилар гайта.
XS
SM
MD
LG