ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мирзаев Расулан кхелан сацам кхин а тIаьхьатеттина


Самбо латарх дуьненан чемпион волчу Мирзаев Расулан гIуллакхехула болу сацам тIедогIучу еарин дийнахь бийр бу Москохарчу Замоскворецкий кIоштан кхело.

И сацам тахана бийр бу аьлла дара. Амма, кхелан суьдхочо Федин Андрейс эксперташ лебан Iалашонца, кхелан талламан тIеганна тIеялон сацам бира кхел. Цул сов, кхел са а даьIна, юхайирзинчул тIаьхьа, керла прокурор а гучувелира кхелехь.

Мирзаев бехке веш ву, даханчу шеран Марсхьокху баттахь «Гараж» олучу, буса сакъоьручу клубехь Агафоновс чемпионан тIехьийза йоьIаца эвхьазло лелорна тIара тохарх, иза тIаьхьуо валарна.

Ларамаза стаг веран артиклехула таIзар дей, иза вита боху Мирзаевн адвокаташа. Агафонован агIо, цунна ехха хан тохийтарна тIехь лаьтта.
XS
SM
MD
LG