ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин полицино 14 китайхо лаьцна къуьйсучу гIайренна тIехь


Японерчу полицино 14 китайхо лаьцна, Японино а, Китайно а къуьйсучу, Малхбалера Китайна хIордахь йолчу гIайренна тIе уьш охьабиссина, аьлла. Японехь Сенкаку олучу гIайренна тIе, Хонг Конгера хи чухула, цIерий луьйцчу жимчу хин кеманна тIехь баханера цига китайн жигархой.

Японин хIурдан йистан гIароло хи туху топ етташ, лаьцна уьш. Оцу тобанерчу Ко Дэвида бахарехь, цуьнан 7 накъостан аььто белира гIайренна тIекхача. Кхин а 5 барт хатта лецира полицино. Ройтерс агенталло бечу хаамца, жигархойн карахь Китайн а, Хiонг-Конган а байракхаш яра.
XS
SM
MD
LG