ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

WikiLeaks порталан куьйгалхочунна Ассанж Джулианна политикан тхов-кIело елла Эквадоро


WikiLeaks порталан куьйгалхочунна Ассанж Джулианна политикан тхов-кIело яла сацам бина Эквадоран Iедалша. Китохь журналисташна хьалха вистхуьлуш дIахьедар дира Эквадоран арахьарчу гIуллакхийн министро Патиньо Рикардос.

Мангал-бутт чекхболуш, Лондонерчу Эквадоран векалаллехь дипломатан гIо дехнера Ассанжа. Политикан бахьанехь шен зе хила мегаш ду аьлла, бахьана далийнера цо.
Эквадоран арахьарчу гIуллакхийн министралло дийцарехь, Ассанжан дехар леррина талла а теллина, иза къобалдан сацам бира дуьненаюкъарчу бакъонашна а,
Цхьаьнакхеттачу Организацин конвенцина тIе а тевжина.

Ассанжан хаттар къастон Iалашонца, Британин Iедалш Эквадоран векалшца цхьанакхета дуьхьал довлар, шаьш сингаттамца билгалдоккху элира Патиньос.
XS
SM
MD
LG