ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Талибанан лидер Маулави Нур Мухьамед вер бакъдина НАТОно


ОвхIан-пачхьалкхерчу НАТОн урхалло тIечIагIдина тахана, Талибанан лидер Маулави Нур Мухьамед а, цуьнан когаметта АтикхуллахI а, шоьтан дийнахь ОвхIанерчу Кунар провинцехь хIаваэра тоьхначу герзех беллачарна юкъахь хилар.

«Тураби» цIарца вевзаш хилла Мухьамед, НАТОно бахарехь, Кунарерчу ЧапахI кIштахь лаккхара Талибанан лидер хилла, Талибанан жигаралла дIакхоьхьуш.
Оццу хенахь, НАТОно бечу хаамца, кIиран дийнахь ОвхIанан малхбалехь вийна арахьара кхо салти а. Цу урхалло ца дуьйцуш дитина уьш къомах муьлаш хилла а, тIелатарх лаьцна кхин совдаьлла хIума а.
XS
SM
MD
LG