Лондон Рио-де-Жанейрон каралуш ю Олимпан ловзарийн рагI, марханаш достуш бу бусулба нах, Оьрсийчоьно набахте хьажийна килсахь Путинна дуьхьал йиш лекхна кхо зуда.
КIиран сурташ -- Товбеца-бутт 11-17

1
Олимпан ЦIе рогIерчу дайшка дIалуш ю Лондон (ИТАР-ТАСС/Красильников Станислав)

2
Оьрсийчоьнан Олимпан тоба шайн пачхьалкхан гимн локхуш ю Лондонерчу олимпиадан тIаьххьарчу дийнахь исбаьхьаллин гимнастикехь шайна юкъара спортхой толар даздеш. (Reuters/Blake Mike )

3
Москох Pussy Riot-на кхел яр емалдеш бу ингалсхой Лондонерчу Оьрсийчоьнан векалтна хьалха. (AFP/ Nash Max)

4
Pussy Riot-на таIзар дарна резабоцчийн гулам хIоьттира Брюсселерчу Европан цхьаьнакхетараллин хIусамна хьалхах