ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

9 стаг вийна Туркойчохь, эккхийтар а дина



Исс стаг вийна Туркойчохь Газиантеп-гIалахь, Оршотан сарахь эккхийтар дар бахьана долуш. Хьалхо Iедалша хаам бинера, вийнарг 8 стаг ву аьлла. Шинарин Iуьйранна хиллачу чевнех елла 12 шо долу йоI.

Туркойн премьер-министран когаметто Аталай Бесира бинчу хаамца, байинчарна юькъахь 4 бер ду. Верриг а лазийнарг ву 70 сов стаг. Царах 4 вочу хьолехь ву.

Эккхар хилла полицин гIишлонна уллехь. Яьгна масийтта машен а, автобус а.

Тукойчоьнан Iедалша и зулам дарна бехке бина Курдийн белхан парти олучу тобанан декъашхой. Амма курдийн сепаратистийн векалша дIахьедар дина, и эккхийтар дарна шайн бехк бац аьлла.
XS
SM
MD
LG