Буданов Юрий вийна аьлла, дIалаьцна латтош волу Тимирханов Юсуп набахтехь витийта ладогIарш хила дезаш дара Кхаарин дийнахь Москох гIалин суьдехь. Амма цуьнан адвокато Мусаев Мурада бинчу хаамца, уьш тIаьхьатеттира шина сохьтана.
Эххар а Темирханов суьде дIакхачийча, гучудаьлларг дара цунна чIогIа йиттина хилар. ГIаролхой хилларг хьокъехь тап аьлла Iад Iийна, амма Темирхановс дийцина адвокате, шена полицин белхахоша йиттина аьлла.
Москох полицин векалша Интерфакс-агенталле хаам бина шаьш Темирхановна дуьхьал ницкъ баьккхина, цо дуьхьало яр бахьана долуш аьлла. Темирхановна лоьраш кхайкхина. Суьдан кхеташо хир ю Еарийн дийнахь.