ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Алсам бовлуш бу Шемара мухIажираш


Цхьаьнакхетначу Къаьмнийн Вовшахтохараллан мухIажирашкахула йолу урхалла саготта ю Шемара дIаоьхуш болу нах алсам бовларна. ПIераскан дийнахь Женевехь хиллачу зорбанан конференцехь цу урхаллан векло Эдвардс Адриана бинчу хаамца, луларчу пачхьалкхашкахь карарчу хенахь дIатарвина ву 200 000 сов Шемара вахархо.

Цу махкара 30 эзар мухIажир кхаьчна кху тIаьхьарчу кIирнах Туркойчу а, Иракъе а, Урдан-пачхьалкхе а, Либане а.

ПIераскан дийнахь юха а яккхийн тоьпаш а, бомбанаш а йиттина Шеман эскарша Димашкъ-гIалин йистошка. Юкъараллин жигархоша бинчу хаамца, и бахьана долуш вийна 20-х стаг.
XS
SM
MD
LG