ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даздарш хилла Абхазехь а, Къилба ХIирийчохь а.



Оьрсийчоьно шаьш йозуш йоцу пачхьалкхаш хилар даре дина 4 шо кхачар даздеш ю Абхази а, Къилба ХIирийчоь а. Иза хилира 2008-чу шарахь Оьрсийчоьнан а, Гуьржийчоьнан а 5 дийнахь лаьттина йолу конфликт дIайирзинчул тIаьхьа.

Абхази а, Къилба ХIирийчоь а къобул еш 2008-чу шарахь Марсхьокху-беттан 26-чу дийнахь указан тIе куьг таIийнарг вара цу хенахь Оьрсийчоьнан президентан даржехь хилла волу Медведев Дмитрий. Официалан кепара Оьрсийчоьно цу шина республикаца дипломатийн юкъаметтигаш дIахIиттийра Гезгмашин-беттан 9-чу дийнахь.

Цул тIаьхьа Гуьржийчоьно дIахедийра шен Оьрсийчоьнца йолу дипломатийн юкъаметтигаш. Цул сов, Тбилисино дIакхайкхийра и ши республика кхечу пачхьалкхо дIалаьцна йолу территориш ю аьлла.
XS
SM
MD
LG