ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Афанди СаΙид а, цуьнан хьеший а байъина Дагестанехь



Дагестанехь вийна гоьваьлла вевзаш а, махкарчу бусулбанийн хьалханча а хилла шайх Афанди СаΙид а, и волчу веъна хилла ялх хьаша а. Маситта стаг лазийна. Мехкан полицерчу хьостанаша дийцарехь, ЧΙикъап-юьртахь, шайхан цIа чохь эккхийтар дина .

Иккхинарг, шайх волчу зерат дан еанчуха, цунна герга кхаьчна хилла зуда-шахΙид ю, Дагестанан полицино хаам барехь.

Хьанна эшна Афанди СаΙид вен, аьлла шега динчу хаттарна иштта жоп делира Оьрсийчоьнан Исламан кхеташонан куьйгалхочо, политика Жамал Гейдара: «Дагестанехь салафияшний, суфешний юкъахь тΙом баккха луучийн болх бу иза. Ткъа ишттанаш бу Кремлехь а, Къилбаседа Кавказерчу цхьацца гонашкахь а».

Дагестанера кхочучу кхечу хаамца 8 дозанхо вийна Дербентан кΙоштарчу Белиджи-юрта уллехь. Шен накъосташна тΙе маса-топ йиттина, талламчаша хаам барехь, мехах доза лардан веъначу контрактхочо.
XS
SM
MD
LG