Беслан-ГΙалахь 2004-чу шерахь меттигерчу школехь делла бераш а, церан гергарнаш а дагалоцуш яра ХΙирийчоь.
ХΙетахь Къилбаседа Кавказерчу маситта къомах болчу герзахоша, Кремль Нохчийчуьра тΙом сацо декхаре еш, дΙалаьцначу ишкол чохь вара эзар сов меттигера вахархо. Уьш мукъабохуш Оьрсийчоьнан эскархоша дΙаболийначу тΙамехь дийра 200 гергга бер а, 150 гергга церан да-нана а.
Бесланерчу школехь хилларг дуьззина теллина дац хΙинца а. И дΙалаьцначу тΙемалойх ах сов оцу ханна набахтехь воллуш, я лаьцна ларалуш вара. Уьш муха бевлла мукъа, муха нисбелла школа дΙалаьцначийн тобанехь, кхеташ дац.