ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Аннан Кофин метта – БрахΙими Лахьдар



Хьалхо даржах мукъаваьллачу Аннан Кофин метта хΙоттийна волу керла дуьненаюкъара векал БрахΙими Лахьдар болх бан волавелла Шемахь. Шен даржехь духхьара къамел деш, цо элира, дика хийцамаш Шемахь сихха а, агΙонийн лехамаш чоьте оьцуш а бан беза, аьлла.

Аль-Ιарабийа телевизионна ша еллачу интервьюхь цо бохура, талораш совцор уггаре хьалха гΙаттамхошна тΙехь дац, 20 эзар маьрша вахархо вийначу Демаьшкарчу Ιедална а, президентна Асад Башарна а тΙехь ду.

Оцу юкъанна хаам баьржина прессехь, Шемин Иракъаца долчу дозанна гергахь кеманашна дуьхьало ен Ιедалан тΙеман гΙирс карабахна гΙаттамхошна, аьлла. Пачхьалкхан телевизионо бахарехь, кΙирандийнахь Демаьшкахь лилхинчу тΙематасадаларшкахь велла 4 стаг.

XS
SM
MD
LG